Нана,хьол сирла дуьненахь кхин х1ума дац - shikardos.ru o_O
Главная
Поиск по ключевым словам:
страница 1
Похожие работы
Нана,хьол сирла дуьненахь кхин х1ума дац - страница №1/1

Классан сахьт.

Тема: "Нана,хьол сирла дуьненахь кхин

х1ума дац".

1алaшо: Ненан безам бовзийтар, бийцар;

иза мехала хилар довзийтар;

лаьцна кицанаш далор; берашка

дийцаp; ст-ш йийцитаp; къамел

кхиор; нена безам кхиор, нохчийн

яздархоша ненах лаьцна язийнчун

ст-хийн маь1ан дар.

Г1ирса: Ст-н сборникаш

1.-Тема йовзийтар,йийцар.

1. Хьехархочун дош.

Вай тахана долу кл. сахьт ''Нана" бохучу дашна а, темина а лерина ду. Вайна дукха дийца ца оьшуш ду нана мел сийлахь а, еза а ю. Везан Дела, Цхьа а ма вуьсийла нана йоцуш. Иза шен йоцучунний бен хуур дац. Нана - мел хаза дош ду иза. Мел хазахета и олуш. Нохчийн яздаохоша хаза ст-ш язйийна ненах лаьцна. Ненаца ю ша йолу марзо, диканиг, хазаниг. Нана йолчохь йовхо ю, серло ю, машар бу. Нанас мелч1ог1а дов дарх, тохарх шен берана, иза сиха дицлой д1адолу.

М. Мамакаевс язйина ст-ни ''Нана" цу т1ехь цо ч1ог1а хаза дуьйцу ненах лаьцна.

Йоьшу ст-ни "Нана".

Ненах лаьцна дукха стихаш язийна Р. Ахматовас. Царна т1ехь цо хестайо нана. Шен шераш д1а мел ихи нене болу безам алсам буьлу цуьнан. Иза лара езаш хилар а, еза езаш хилар а хоуьйту цо вайна. шен нана лерина цо язйина "Догдика хьан б1аьргаш ц1е" ц1е йолу ст-ни.

Йоьшу ст-ни «Догдика хьан б1аьргаш»

Нана йолчохь йовха ю, вайна хета а хета. Пеш санна йовха хетта вайна ненаца. «Товханна юххехь, нанна юххехь г1оли ду» - олу вай. Вай хьалха 1амийра ст-ни «Товха»

Дага хьан йоьуьйтур яра?

Йоьшу ст-ни «Товха»

Ц1ена,йовха Ю тхан товха

Цу чохь дотту хьокхамаш.

Чу сакъера массо ц1ера

Оьху денна адамаш

Юачух кхетта,хазахетта,

Дуьйцу цара туьйранаш.

Уьш чубахка, даим нах ган

Тхах бу хьерчаш лаамаш.

Тхуна дукха Уьш мел деха,

Дезаш ду-кх Марзо нехан

Нохчийн оьзда Хедар йоций

Г1иллакхаш хаалаш.

-Нене нийса х1ун лору вай дахарехь?

/ Ст-ни, Ненан мотт, Даймохк./

-Ненан метте кхин мила ву шун дахарехь?

/хьехархо/

-Ненан маттах лаьцна а 1амийна вай ст-ни?

-Хьанна дагайохур яра иза?

Х1инца ненах лаьцна кицанаш дагадоуьйтура вай



  1. Йо1 хастийча ненан дог деладелла.

К1ант хастийча ден дог деладелла

  1. Нан дика ерг, нахана йита

Ша дика ерг ялае

-Нана елча везавер д1адолу,

Деган зезаг дужу.

-Нана йилхича, бера дилхина, бер дилхича да вилхина.

-Нана, нана хилаза ца йолу

-Нана, нана яцахь, да, да а вац.

-Нанна бер даима жима хета.

-Нанас берана тохале, шена куьйга к1ела г1айба боьхку.

-Нанас хастийна йо1 мехала ца яьлла.

-Нанас йина чов ца лозу.

-Нанас шена тоьхча а, бер нене кхойкху.

Х1инца ненах лаьцна йиш лакха хьанна хуур дара?

/Локхуьйту/

Хьехархочо кхин д1а дуьйцу.

Вайга хьаша веъча нана чохь хилахь сингатам ца хуьлу вайна. Шадерг д1адерзадо нанас.

Хьаша варах лаьцна а, везарх лаьцна а ст-ни хьан юьйцур яра вайна?

Ст-ни “1аьнан буьйса ”

М. Дикаев.

Суьйре шийла, шийла еъча,

Дадас тухий дечиг доккху.

Ца веана хьаша веъча

Водий нене ас кхаъ боккху

Хьешо шена гинарг дуьйцу

Тховса тхоьга муха кхаьчна

Ц1аро сийна суйнаш туьйсу.

Кхухка нохчийн мерза кхаба.

‘’Вог1ург, кхачанах а кхетта,

Вахар ирс ду,” – дайша аьлла.

Нохчийн шийла хетта,

Цхьа а хьаша т1ех ца ваьлла.

Ненах лаьцна довха дешнаш а олуш чекхйолуьйту урок.

-Хьехархочо дийцар а дуьйцу нанах лаьцна.



Ирсе б1аьхиш